Тамбован зуламхойн тоба кхоьллинчу шеконехь болчех цхьаъ. Питербухана бензинца кхачо ечу коьртачу компанин вице-президент. Цунах кхин а ‘Буьйсанан Паччахь’ а олура цуьнан политикан тIеIаткъам хилар бахьанехь.
Тамбоверчу зуламхойн тобанан хила тарлун куьйгалхо. Путинан накъосташца Ковалчук Юрийца а, Шамалов Николайца а цхьана хенахь ‘Оьрсийчоь Банкан’ долахойх хилла цхьа долахо.
Тамбоверчу гIеранна дуьхал Питербухан Iуналла дIалацархьама къовсам латтийна а, Малышеван гIера кхоьллинарг а. ТIаьхьо Тамбоверчаьрца ницкъаш цхьаьна а тоьхна, Испане дIакхелхира.
Тамбован гIеранан лаккхарчу даржехь хилла тарлун декъашхо. Дукхачу хенахь дуьйна Петров Геннадин а, Малышев Александран а накъост.
Тамбован гIеранан куьйгалхо хила тарло. Петровца бизнесан юкъаметтиг а, уллора гергало а ду, Малышев Александрица а, Кумарин Владимирца а зIенехь а ву.
Тамбован гIеран декъашхо хила тарло. Петрован а, Кузминан а бизнес партнёр. Балеарикан гIайренаш тIехь нийсса Петрована дуьхьал вехна.
Федералан наркотикийн Iуналладаран сервисан директоран куьйгаметта ву. Испанерчу документаша цо шен даржах пайдаоьцу боху Петров а, Тамбован гIера а ларъян а, церан хьашташна гIуллакхдан а.
‘Цхьааллин Оьрсийчоь’ цIе йолчу тобанан пачхьалкхан думан декъашхо а, финансийн маркетан комитетан а куьйгалхочун куьйгаметта а. Петровца бизнесан юкъаметтиг а, уллора гергарло а лелош хила тарло.
Оьрсийчоьнан талламан комитетан хилла куьйгалхочуьнан куьйгаметта. Петрована кхерамзаллин ницкъаша зуламхойн тобанашна дуьхьал ечу операцийн хьокъехь хаамаш бина хилла тарло.
Оьрсийчоьнан премьер министран когаметта. Испанин документца, Козак регион кхиоран министр хIоттийча, Петрова ша резахилар телефонехула дIахаийтира.
Оьрсийчоьнан тIеман министр хилла, Виктор Зубкован нуц ву. Испанин документо дуьйцу цуьнан Петровца бизнесан уьйраш хилар.
Оьрсийчоьнан коммуникацийн министр хилла. Испанин документо дIахьедо иза Петровскин уллора бизнес патрнёр хилар а, цо Соболевскийн йоI балха дIаэцна хилар а.
Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхо. Схьадийцарехь, цунах Петрова ‘Саша’ олу, ткъа, ша Путина 2007-гIа шарахь дарже хIоттийча, цо Петрована баркалла элира.
Оьрсийчоьнан премьер министр 2007-2008, премьер министран хьалхара куьйгаметта 2008-2012. Испанин кехаташца, цо Петрована а, цуьнан тобанна гIо дархьама политикан сацамаш бира.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан коьртачу Сбербанк цIе йолчу банкан куьйгалхо, экономик кхиоран а, йохк-эцаран а хилла министр. Испанин кехаташа иза Петрован контакт ву боху.
Русал цIе йолчу алюминин гигантана Iуналла де олигарх. Испанин кехаташа иза Петрован контакт ву боху.
Испанерчу суьдхочун бевзаш болу Оьрсийчоьнан зуламхойн тобанан декъашхой дIалаца аьлла динчу дехаро малхе даьккхина президентан Путинан гонаха болчу лаккхарчу даржерчу нехан зуламхошца уьйраш хила магар. Кху Испанерчу бехкатакхаман гIуллакхан дакъа долчу документо гойту церан зуламхошца хила тарлун уьйранийн маша.
Коелхо Карлос Хьоста: Испанин нийсонан министералла
Мафи а, политик а Оьрсийчохь вовшах муха оь
Испанерчу суьдхочун бевзаш болу Оьрсийчоьнан зуламхойн тобанан декъашхой дIалаца аьлла динчу дехаро малхе даьккхина президентан Путинан гонаха болчу лаккхарчу даржерчу нехан зуламхошца уьйраш хила магар. Кху Испанерчу бехкатакхаман гIуллакхан дакъа долчу документо гойту церан зуламхошца хила тарлун уьйранийн маша.
Мафи а, политик а Оьрсийчохь вовшах муха оь