ХIУМА ХУУШ ЙОЛУ КЪИГ СагIа деха араваьлла миска стаг кхаьчна къиза а, Iеса а, цIармата а нах бехачу махка. Цхьаммо а буьйса яккха чу а ца вуьтуш, яа хIума ца луш мацалла кIелвиса гергга вахна миска стаг. Кхоьссина гIаж тоьхна, тIам а кагбина къиг лаьцна мискачу стага. И къиг, тIам Iаьвдича, ека Iамийна цо. И къиг чета а йоьллина цхьана нехан неIаре хIоьттина иза. Шозза а, кхузза а неI тоьхна. НеI дIа ца йиллина. Буьйса йоьлла а хиларна, ша гIел а валарна кхин дIа ца воьдуш неIаре охьахиъна миска стаг. ХIусамнанас кхера кIайчу деман хьокхам схьа а баьккхина дIалачкъийна. Дукха хан ялале зудчун везарг неIаре хIоьттина. Иза вогIу гичи миска стаг дIалечкъина. Везарго кхаби чохь чагIар а, кхерзина гIезан жижиг а деъна. Везарг зудчуьнца ловза а левзина, шена чагIар мала охьахиъна. Оццу хенахь цхьа бере веъна неIаре. Говран бергийн тата ма-хеззинехь зудчо шен везарг дIалачкъаво, цIийна сонехь лаьттачу тускар кIел. Ша метта а яьлла охьайижна. Мискачу стагана везарг дIалачкъош а, зуда шен меттаяьлла дIаюьжуш а гина. НеIаре веъна бере зудчун цIинда хилла. Корехь лаьтташ сагIадоьхург гина беречунна. - Хьо мила ву? - аьлла хаьттина цо цуьнга. - Со делан лай ву. Кху хIусаме чу ца вуьту со. ХIусамда зудчуьнга вистхилла. - ДIаелла неI! - аьлла. Зуда ша наб кхетта ю моттуьйтуш, шозза а кхузза а мохь тоьхчи бен хьала ца гIаьттина. Зудчо неI дIайоьллу. Миска стаг а хIусамда а чувоьду. Стогар хьала а латийна: - ОхьахIоттаел яахIума меца ву со. ХIара хьаша а хир ву меца. - аьлла хIусамдас. Зудчо сискал-мижарг хьалхабуьллу. - Буьйса юккъеяхна. ЯахIума кийча яц. Аса мичара хIун лур ю шуьшинна, - аьлла хIусамнанас. Мискачу стага шен четара къиг пхьаьрса кIел Iаьвдина. Къиг екна. - Иза хIун ю хьан четахь Iаьхнарг? - хаьттина хIусамдас. - ХIара хIума хууш къиг ю, хин дерг а хаьа хIокхунна. Кхуьнан мотт хаьа суна. - Делахь хIета хаттал оцу къийге ялта хир дуй тIедогIучу шарахь? Пхьаьрса кIел Iаьвдина къиг а охьийтий «Хир ду боха» жоп ло мискачу стага. Кхин цкъа а къиг а Iовдий Iохуьйту цо. - ХIинца хIун боху оцу хьан тамашийначу олхазаро? - «Якъаелла шийла сискал хIунда юу ашшиммо, шаршу тIиэхьа Iуьллуш кIайчу деман шиъ хьокхам боллушехь» боху-кх. Цига хьаьжначу хIусамдена ши хьокхам карабо. Кхин цкъа а къиг Iохуьйту мискачу стага. - ХIинца хIун боха цо? - хотту хIусамдас. «Паднара кIел текха чохь лаьтташ кхерзина гIаз ю, цуьнан чоме хIунда ца хьожу шуьшиъ» боху-кх хIокхо. ХIусамдена гIаз а схьакарайо. Зудчунна дов дан волало иза. Иштта чагIар а гучудаьккхина цо. - ХIоккхалла рицкъа кху чохь дIа а лачкъийна хьо хIун деш Iара хIара схьа ца луш? - тIечевхина мар. - ДенцIа яхьа кечйинера аса уьш, - аьлла бехказаяьлла зуда. Мискачу стага кхин цкъа а къиг Iахийтина. - ХIинца мукъана хIун боху цо? - хаьттина хIусамдас. - Вайшиннех бехк боккху «Шаьш юуш молуш Iа шу». ДIога тускар кIел воллург меца ву. Иза а хIунда ца воьху ашшиммо шуьне?» - боху-кх хIокхо - аьлла гучуваьккхина зудчун везарг. Цо иштта оллушехь тускар тIера дIа а кхуссий воду везарг. ХIусамда цунна тIаьхьа воду. СагIадоьхург дIавоьду.