Баиев Iусман *** Со вайча ахь туху хьайн дагна догIа, Со вайча йоьду хьо, некъ хуьйцуш, дIа. Хьо къаpъян, хьо кхето дац-теша гIоpа? Я нанас вина-те сахьийзаш Iа? Го суна хийистехь мехкаpийн тоба, КIенташца безаме къамелаш деш. Хаац-кха сайга ахь стенна мотт кхобу, Я «хIаъ», я «хIахIа» а ца хазадеш. Я коpта ластийна, я коpта таIийна, БIаьpгашца мукъане лохьа цхьа йист. Хьоь болчу безамо лела со вагийна, Хьан бIаьpгийн нуp хилла догу сан иpс. Бахац ас, хьо еъча дешешца кхолуp ю, Бахац ас, ехаp хьо гIаланашкахь. Боху ас – меpзачу безамца хьоьстуp ю. Са мел ду ехаp ю дилха дагахь. Ма детта, хьомениг, хьайн дагна догIа, Со вайча, некъ хуьйцуш, ма гIохьа дIа, Хьо къаpъян, хьо кхето каpоp ду гIоpа, Ницкъ бац сан даима, сатуьйсуш, Iа.