Оспанов Къосум *** ХIун пайда бу, гIертарх хила Наж-дукъах Лечанан берд? Нанна – со гуттар а жима, Нанна – со гуттар а бер. Бералла – тай меха таса Баба соь кхайкхина хан. Бералла – ас Шовхал-басахь, ГIишлош еш, ловзийна чан. Бералла – бенна деш дола, Со Iехо тIам бойна лекъ. Бералла – уьн тIе ишколан ГIойл дехьа ас бина некъ. Бералла – берзина когаш, ТогIичохь лехьийна тхиш. Ир-кара хIиттийна буо-гIаш. ЖаIуьнан самукъне йиш. Бералла – зезагаш бIаьста – Цхьаъ бен ца даьккхира ас, Вигча со сай-бодий къаьсташ, Кол-леча ваьккхина дас.