Хатуев Iабдулхьамид Юьртхошка Со хьелахь генарчу гIалахь, Даймахка ца боккхуш ког, Нохчо вац суна ма ала - Кийрахь ду нохчочун дог. Чоица ара ца валарх, Ца тилларх холхазан куй, Нохчо вац суна ма ала - Хаалаш со нохчо вуй. Геналлехь сатуьйсуш хьоьга, Легашкахь сецабеш къурд, Юха а хьо гаре хьоьгу, Лаьмнашкахь йисна сан юрт! Сан дог ду даима ломахь, Ойла а лаьмнашкахь ю. Яхалахь, Нохчийчоь хьоме, Хьан кIентий хьох тешна бу! Дайн иллеш озор ду оха, Дегнашкахь къагор бу суй! Айало, илли, тIам тоха, Хаьийта, тхо нохчий дуй! 2003 шо