Хатуев Iабдулхьамид Нохчийчоь Лаьттахь дуккха къаьмнаш ду , Сийна хIордаш, лаьмнаш ду. АллахI воцург дела вац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц! Вониг хестор къилахь ду. Ийман хьекъор сийлахь ду. Ши малх стиглахь кхетар бац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц! Къонах хила хала ду. Илли хадош валар ду. Сан кхин хесто Даймохк бац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц! Цхьаммо зезаг лоьхур ду, Важа хьоло Iехор ву. Дагчохь лардан хIайкал дац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц! Бертахь дахар декхар ду, Вай цкъа мацца кхетар ду: Марзо йоцург безам бац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!