Хатуев Iабдулхьамид Дуьсур ду дуьне Стигал кхозу Iаржъелла, Мархаш елха, БIарзъелла, Чурт деш огу Пхьеро аьлха. Дуьсур ду хьо, Дуьне маьлха! Зинтаг дургал Такхийна, ДогIу Iаьно Човхийна. Лоцур ду и Лайно аьрха… Дуьсур ду хьо, Дуьне маьлха! ГаьнтIехь набъеш Шелло хьоза. Ане шорло Доцуш доза. Даха лууш Дог ма делха: Дуьсур ду хьо, Дуьне маьлха! Дадас меттахь ДоIа деш, Догу пешахь ТIаьххьар чIеш. Яшош овкъарш БIаьрхиш хьаьлха Дуьсур ду хьо, Дуьне маьлха! Дерриг долу Мацца чекх, Кхачош хуьлу Муьлхха некъ. Дог ца кхета: Дела?Делха? Дуьсур ду и, Дуьне маьлха!