ЦХЬОГАЛЛИЙ, ЖIАЬЛИЙ Кха тIехь дахка ловзош доллура цхьогал. Цунна гIаддахана, шена герга кхаьчна жIаьла ца гора цхьогална. ЦIеххьана тIекхетта, цхьогал схьалецира жIаьло. - Цкъа лодогIахьа соьга, пхьу-кIеза, - хьастаделира цхьогал, - хаьа суна, сайн Iожалла кхааьчнийла, ахьа суо вовшахдоккхур дуйла. Вуьшта, оцу делан эхарта дахале, сан цхьа дехар кхочушдехьа. - ХIун дехар ду иза? - Хьуна ма-хаъара, оцу дехкашца мостагIалла долуш ду тхо цхьогалийн тайпа. Цкъа со дIа а хеций, соьга цхьа дахка лацийтахьа, кIордадаллац и ловзор бара ас. Цул тIаьхьа хьайна луъург дийр ду ахьа сох. ЖIаьло ойла йира. ХIинца хIара соьгара кIелхьара дала аьтту болуш а дац. Суна хIун хуьлу хIокхо дахка ловзорах. - Лаца хьайна дахка а. ХIилла а дай, дада ма гIорталахь ас кескаш туьйсуьйтур ю хьох, - дIахийцира жIаьло цхьогал. ДIа а, схьа а кхоссаделла, кха тIера дахка а лаьцна, дахка ловзо доладелира цхьогал. Хьалхарчу когаца дахка лаккха хьала а кхуьйсуш, кIел хьодий, схьалоьцуш, шен Iуьрган бертехьа дIадахара цхьогал. Цига ша кхаьчча: - Хьажалахь, аса хIара дахка мел лекха кхуссу, - аьлла, дахка лекха хьала а кхоьссина, жIаьла цуьнга хьалахьожжушехь, Iуьрга иккхира цхьогал. ЖIаьла кхийтира шена хIилла дан цхьогало лелийначух. Iуьрган берте а хиъна, цхьогале дехар дира цо: - Хьалададахьа, цхьогал, хьо дика а дай. Ма чIогIа сакъераделлера сан ахьа и дахка ловзош. Кхин а ловзабехьа иза. - ХIокху чуьра хьала а даьлла, кхин и ца ловзо-м хала хьаха дацара. Тохара и ловзош сайна хиллачух а дацара со башха доккхадеш. - Делахь хIета, ас таллархо валор ву. Цо цу чохь кIур а бина, аратосур ду хьо, - аьлла, дIадахара жIаьла. - Iуьргара хьала а къедда, тIаьхьа мохь туьйхира цхьогало. - Дика гина гIан ду. Ахьа таллархо валоре хьоьжуш кху чу а хиъна Iийра ду моьтту хьуна со? Iуьргара хьала а даьлла, дедда дIадахара цхьогал.