ИРЧА "ЭКХА" Хин йистехь, тогIи чохь дежаш доллура вир. Цхьа хаза хьалаяьлла буц а йитина, баьIаш доура цо. БIаьсте яьлчахьана дуьйна а кан тила доладелла, диснарг а дастаме даьллера иза. Наггахь йогIий, букъ тIе а хоий, къийго шена бен бан доккхий кан а хьора цунна тIера. Эрзашна юккъехула тебаш схьагучуделира ижунна арадаьлла лом. Вирах бIаьрг кхетча цецдаьлла сецира иза. "ХIара хIун экха ду техьа сан махка деънарг, сел ирча?" - бохура цо шен дагахь. ТIе а дахана,хатта деза аса цуьнга: хьо хIун ю? Сан махка хIунда деъна? - вирна герга гIоьртира лом. Лоьмах бIаьрг кхетча, кхераделлачу виро мохь хьаькхира: - Хьо-о-къий! Хьо-о-о-къий! Хьо-о-къий! Орца дала! Орца дала! Орца-орца-орца! Лом, кхераделла, юха а дедда, эрза юккъе дIалечкъира. - Ва-да-дай! Хьо ма ирча хIума ю! Хьоькхург хIун мохь бу, адамийн а, акхаройн а боцчу тайпана! Со-м даьхьар дац хьоьга хIумма а хатта, - бохура лоьмо, вире а хьоьжуш. Циггахь деъна цхьогал Iоттаделира лоьмана тIе. Дедча ша цунах кIелхьарадер доцийла хууш, сецира иза. Ша цо дIакхалларна кхоьруш, цIога а хьийзош, эсала хаьттира цо: - ХIай сийлахь паччахь, хьо ма гIайгIане ду, ахьа стенан ойланаш йо? - ЭхIей, ма хетталахь! Сан махка и дIогара ирча экха деъна. Цо тIе мохь хьаькхна, лергаш чу поттанаш хIиттина суна. Цунах кхераделла, и сайн мохк дIа а тесна, дедда деъна лаьтташ ду-кх со. ГIайгIане муха ца хуьлу тIаккха? - Генара суна дика ца къаьста. Юххера хьаьжча, мича басахь, муха дара иза? - Юкъ санна мокха ду. Гой хьуна, деха ши лерг ду, доккха гай ду. ХIож санна боккха корта бу, юткъий настарш ю. Цу тIе, ша кан тилла а ду. Со хууш дац и хIун экха ду. - Схьагарехь, вир ду-кх иза. - Вир делахь а ду-кх иза ирча экха. Цо кхерийна, сан голаш хIинца а эгош ю-кх. Цхьогал, боккъалла а шега цуьнан бала кхаьчна сурт а хIиттош, текъамаш бан доладелира. - Вай, миска яI, ма чIогIа кхераделла хьо! - Тамаш а бац, кхера хьаха лур дара хьо, и суна цо хьаькхна мохь хьайна тIе хьаькхнехь. - ДIа ма маса ахьа хьайн хIара мохк. Иза-м аса, цхьа хIилла а хьовзийна, лоллур ду хьуна кхузара. - Делахь хIета, цкъачунна дIа дуьтур ду вай иза. Ахьа хьайн хIилла дагалацалахь. Цунна дуьхьалбаккха цхьа ницкъ карориг хир бу вайна, - аьлла, лом хьалха а долуш, цхьогал цунна тIаьхьа а хIоьттина, ший а доладелира и шиъ. Шен дада аьтту ма-белли, дада кечделла цхьогал тIаьхьасецира. - Долалой дала, йорт эца, ва цхьогал. Хьо ма чIогIа тIехьа соьцу. - Вир эккхо бахьана дагалоьцуш, ойланашка даьлла сецира со, - бехказаделира цхьогал. Циггахь борз дуьхьал Iоттаелира цу шинна. Лоьман сийдеш, жимма гора а таьIна, цхьогале хаьттира барзо. - ХIей, сан йиша, хIара вайн сийлахь паччахь гIайгIане хIунда ду? ХIун хилла кхунна? - Вирах кхераделла,шен мохк а битина дада гIерта хIара. Борз цунах кхаъ хилла гIадъяхара: - Са ма гатделахь цунна-м. Ижунна араяьллера со. Иза хIинца леха а ца оьшуш, суна кийча пхьор ду. Хьоьжуш хир ду-кх хьо, аса цунна хIун до. Борз, вирах катоха дог хилла, бага а гIиттош, цергаш а хьекхош, вирна герга гIоьртира. Вир реза дацара борз шена герга гIортарна. - Хьо стенна теба, ва борз, бага а гIиттош, ма чIогIа цергаш хьекхайо ахьа? - Хьо даа дог хилла теба. - Хаьа суна, со даа дагахь ахьа цергаш хьекхайойла. Хьох кIелхьарадаьлла сан даха меттиг а бацара, сан цхьа дехар ду хьоьга, жоп лохьа суна. - ХIун дехар дан доллу хьо дала герга дахначу хенахь? - Дукха хан ю сан тIаьхьарчу когах лан доьжна, бухабисначу хьостамо сагатдо. Цо сагатдеш, аз а делла, гIел а делла со. И хьостам дIабаккхахьа. - Суна хIун пайда хир бу и дIабаьккхича? - Цкъа делахь, мел хир бу, шозлагIа делахь, со дерстар ду. Барзо ойла йира: "ЭхIей, суна гIолехь хьаха ду, ленан хьостам дIа а баьккхина, вир дарстийтича. Со хьан ца юьту, оза хIара вовшах а яьккхина, кхуьнан пIендарш ца даьжча? - Со реза ю. Муьлхачу когах боллу и хьан садуу хьостам? - ТIаьхьарчу аьтту когах. - Ватталхьа! Ватталхьа! Схьакховдабел и хьайн ког, - аьлла, хьостам баккха кечлуш бага а гIаттийна, борз вирана тIехьа дIахIоьттира. Виро мийраш тоьхна, карчийна дIаяхийтира борз. - Ой, дIа хIунда лелха хьо? Ленан хьостам баккхийта ког схьакховдабе ца бохура ахьа? - Сан да а, ден да а аьчган пхьар ца хилла, я со яц аьчган пхьар. Сан хIун гIуллакх ду хьан когара ленан хьостам баккха - лоьманий, цхьогалний юха тIеяхара борз. - Хьо юха хIунда йогIу, ва борз? Вир даа ца яханера хьо? Чам ца тайра хьуна? - хоьттура цецдаьллачу цхьогало. - Хьожа а яьккхина, чоме хьаьжира со. Ленан хьостамий дохкура цуьнан когах. И хьостам легашка бахарна кхоьруш, юхайогIу со. Цулла а, вай кхааммо кхерийна эккхо деза и кху махкара. - Бакъахь ду. Со реза ду, - цIога ластийра цхьогало. - Со а ду реза. Аса, кIомсарш гучу а яьхна, мохь хьокхур бу, борз, хьо угIа. Цхьогал, ахьа лаьттах цIога детта. ТIаккха мукъане а кхералур дацара техьа и буьрса экха, - вирна герга гIоьртира акхарой. Лоьмо, кIомсарш гучу а яьхна, мохь хьаькхира, борз уьгIира, цхьогало лаьттах цIога деттара. Царах кхераделла, орца дохуш вир Iаьхира: - Хьо-о-къи! Хьо-къи! Хьо-къи! Ва-ама! Орца дала! Орца-орца-орца! Кхин а чIогIа кхераделла, дедда юьстахделира цхьогал. Лом эрзашлахь лечкъира, борз кхераелла, едда яхара. - Айхьа дийр ду-кх ахьа хьайн махкана дола, - дIадахара цхьогал а. Борз кхин юха лоьмана гучу ца елира. Лоьмо ойла йира: "ЭхIей, девнаца къийсарх гIуллакх хир дац кхунах. ХIуъа а дина а, цхьа машар бина, бертахь дерзо деза хIара дов, - хьесталуш, цIога а лестош, юха а вирна герга гIоьртира лом. - ХIун оьшу хьуна, ва доккха цициг? - хаьттира цуьнга виро. - ХIай сийлахь, Хьокъи-Мокъи, хьан лаам кхочушбийр бара-кх аса, суна тIе и буьрса мохь а ца бетташ, хьайца кху махкахь дитахь со. - Сан лаам кхочушбийр белахь, дуьтур ду. Ас хIокху махкана урхалла дан дIахIоттор ду хьо. Нагахь санна ас аьлларг кхочуш ца деш, шозза хьо галдалахь, кхозлагIа ларлуш хилалахь. - Бийр бу ас хьан лаам кхочуш. - ХIинца со агIордаьлла садаIа доллу. Суна новкъарло ма елахь. - Йийр яц, - дош делира лоьмо. Цунах синтем хилла вир, бие ког дIа а хецна, хин йисте охьадижира. - Делахь хIета, хьо дижий Iилла, со хих дехьий, сехьий а лелхаш, жимма ловза доллу - ловзаделира лом. Хих дехьа эккхаш, хи цу цIога а кхетта, вирна хиш туьйхира лоьмо. Вир самаделира. - ХIун дан гIерта хьо, доккха цициг? Хиш хIунда детта ахьа суна? - оьгIаздахара вир. - Со ловзуш ца го хьуна? Хьо кхоссалур дарий хих дехьий, сехьий, хIинца со санна? - аьлла, лом кхин цкъа а хих дехьий, сехьий иккхира. - Сол каде дац маймал а. Хьожуш хилалахь, со дехьа муха эккха! - дIакхоссаделла вир нисса Iункар хи чу дахара. Хе дуьйш лаьттачуьра кхес а лаьцна, лоьмо хьаладаьккхира вир. - Ас хьала ца даьккхинехь, хи буха а дахана, леш доллура-кх хьо, - бахара лоьмо. - Ца доллура дера со-м леш. Хих дехьа эккхаш, цу чохь чIерий а гина, уьш схьалеца чуиккхинера со. Ахьа хIунда доккхура со хьала? Хьан бохура хьоьга со хьаладаккха? - бехкбаьккхира виро цунах. - Яхийта кхузара! ДIадала суна гена! - Вир вир ду-кх, - аьлла, доладелла дIадахара лом.