ГIайгIане илли Халикова Асет ДогIано олу шен гIайгIане илли, Дуьненна къарлучу дегнашна тIера… Коша тIехь барз санна, цхьалха а Iуьллий, Бераллин аз кхочу суна тхайн цIера. БIаьргашна хазадерг долучохь хаза, Дагна ца бевзачохь я цхьа а лазам, ДогIано олуш ма хиллера илли, Сан ненан кортали шен коьрта туьллий. ДогIанан хIора а тIадамна тIера Ловш ю ас аз доцу, дог доцу гIайгIа… ХIай, догIа! Цхьанхьара ду вайша цIера, Цхьаъ ю вай ловш йолу дуьненан гIайгIа. Лаьтта тIе мел Iена догIанан илли, Кхачор яц дуьнено шен меца гIайгIа. ГIайгIане гIайгIа шен охIла а хилла, Хийланиг къаьстар ву дуьненахь вайха…