ЦХЬОГАЛ А, ВОККХА СТАГ А Варшахь мангал хьокхуш воллура воккха стаг. Кхуран IиндагIехь бара цуьнан меттан-мотт. Хи чохь зока а, тIо чохь кхийран гуьмалк а, юург юкъахьарчийна шаршун шед а битинера цо кхуран IиндагIехь. Тебаш, кхура кIел деара цхьогал. Гуьмалках хьожа яха хIоьттира иза. - Кху чохь цхьа башха хIума ю, схьахетарехь, - корта гуьмалка чу боьллира цхьогало. ГIаддахана тIо бууш доллура иза. Мац а велла, хьаг а велла, са а даIа, хIума а яа, хи а мала, кхура кIел веара воккха стаг. Шен гуьмалка чу корта а боьллина, тIо бууш доллучу цхьогалх бIаьрг кхийтира цуьнан. - Ватталхьа! Ватталхьа! - аьлла, тIекхетта схьалецира воккхачу стага цхьогал. Цкъа хьалха тIехьара ког куллан кондарх дIабихкина, коьртах йоллу гуьмалкх озийна схьаяьккхира цо. Цхьогалан корта тIайша буьзна кIайн бара. Бетах мотт хьоькхура цо. - ХIун таIзар дан воллу хьо, воккха стаг суна, дIа-м дихкинера ахьа со? - дистхилира цхьогал. - Ахьа, тIо а биъна, меца витина со. Хьуна гIаж етта воллу-кх. - Биъначу тIайна дуьхьал сайн цIока елчи дуьтий ахьа со. Йоккхачу стагана кетаран кач бан дика ма ю хьуна иза? - Цу тIехь хьо харц ца лоь. Хьо дIадихкина сан карахь ду. ЦIока ас хьуна тIера йоккхур ю. - ЭхIей, воккха стаг, хьекъал эшна хьан. Ахьа гIаж тоьхча, суна тIера цIока эккхар ю, чо телхар бу. Хьайна пайдехь дерг ца хаьа хьуна а. - Хьуна гIаж ца тохарх-м со Iелур ву. - Делахь хIета, хьайна луъург де сох а, сан цIоканах а. - Ас хьо цIа дуьгур ду. - Цхьана баттахь, тIо а баош, ахьа со кхаьбча, чо шар-м лур бара сан. - Воккха стаг, сарралц мангал а хьаькхна, цIа ваха кечвелира. Цхьогал шеца цIа дига, куллан кондарх дIатесначура схьадостуш воллура иза. - И чуха тIехьарчу когара схьа а яккхий, коча тасахьа, хьуна тIаьхьа а хIоьттина, атта догIур дара со, - элира цхьогало. Воккхачу стака, чуха коча таса дагахь, тIехьара ког схьа ма-баьстти, дIакхоссаделла цхьогал, юьстах а даьлла, дIахIоьттира. - Воккха стаг, тIаккхахула хьуо вогIуш, и тIо бертиг шуьйра йолчу гуьмалка чохь балахь. Ша-шаха караеъна хIонц иштта атта карара а ма ялийталахь, - аьлла, дIадахара цхьогал.