ГIан Аткаева Луиза Беттасан гIийла нур Корах чу Iеначу буса ГIенах со лелара Бес-бесар зезагаш лехьош. Юьйцина царах курс, Ховха уьш эсала хьоьстуш, Мархашлахь яйелла Со йоьдуш карийра суна. Олхазарх таръелла, Со тIома лелара паргIат, Седарчий – зезагаш Стиглара ас лехьадора, Дог-ойла айъелла, Пиллагал дайделла дегI сан, Есаллин Iаьршашка Гушбоцчу ницкъо дIахьора. Исбаьхьчу цу гIено Сан дагна йоккхаер лора, СапаргIат даларца Йоьдура седарчий хьаста. Хезира цIеххьана Цхьаннан аз цкъа мацахлера, Цо, тIаьхьакхайкхарца, Со юхайоьхура лаьтта. Амма дIо геналлехь Цхьа башха исбаьхьа седа, Со шена тIейоьхуш, Боьлура, шен нур схьакхийдош. И суна бевзира! – Сайн ирсан бу аьлла седа, Цкъа мацах цIетоьхна, Ас гIайгIа ялхийнарг хийла. Ирсо ца хьаьстинчу Йоссош сан даг чу аьхналла, Цхьа лаам хилира – Зезагех кхала сайн седа. Ас курс дIакховддошехь, Таж санна, цунна тIетилла, Дерриге дIадайра, Сан мерза гIан-набарш хедош… …Иштта ду-кх сан дахар – Хеталой сегаш дерг ирс сайн, ГIулч тесча, тIеяха, И дIадов, шех хуьлий бIалгIа.