Твен Марк Аьтто (Дийцар - Гочдина Шамаев Руслана) Вайн хенара уггаре а вевзаш волу ингалсан буьйранча вазвеш Лондонехь хIоттийначу тойнехь дара иза. ХIинцца шу кхетар долчу бахьаница ас ца йоккху цуьнан бакъйолу цIе. Цуьнан сийлахь цIераш а йохур яц ас. Цунах эр ду ас инарла-лейтенант лорд Скоресби Артур, «Викторин» орденан жIаран кавалер, «Бани» орденан кавалер, иштта дIа кхин а, иштта дIа кхин а. Кхузахь хиина Iаш ву и стаг. Мел дукха хIуманаш хезнера сунна цуьнах лаьцна, 30 шо хьалха ГIирмехь кампани дIахьош, цуьнан цIе, дуьххьара дерриг а дуьненна йовза а евзина, гIаряьлла йисинчхьана. Кху дуьнентIехь дерриг а хIума диц а дина хьоьжура со цу сайна ойлаяъ хетачу цу стаге. Цунна тIера бIаьрг ца боккхуш Iара со, иза зуьш. Ас тидам ца беш ца дитара цхьа а хIума: цуьнан сапаргIаталла, собаралла, инзаре ладаме юьхьсибат, даггара цIеналла. Суна аьттоагIор хиина вара суна дукхахенахь дуьйна вевзаш волу стаг, мозгIар. Амма иза даиман а мозгIар хилла вацара – жималла тIемашкахь а, тIеман Iаморашкахь а дIаяханера цуьнан. 40 шо хьалха Вулвичехь тIеман колледжехь хьехархо хилла а вара иза. ЦIеххьана суна тIе а таьIна, бIаьргашчохь иккхина суй лачкъо а гIерташ, сан лерга шабар-шибар дира цо: “Къайлах эр ду ас хьоьга – иза нахана вуно хьекъал долуш хетахь а, баккъалла а Iовдал стаг ву». Цо йинчу кхело со инзаре цецваьккхира. Иза Наполеонах, Сократах, я Соломонах цо аьлла хиллехь а, со хIинцачул кхин баш алсам цецваьлла хир вацара. Амма суна ши хIума хаара цу мозгIарх лаьцна. Цо даиман а бакъдерг дийцара. Цул сов, цо цкъа а ца дийцара адамех лаьцна во дерг. Цундела тхайн турпалхочух лаьцна мелла а алсам хаьа лиира суна. Цул тIаьхьа масийтта де даьлча сан аьтто хилира мозгIарца къамел дан. Цо мелла а алсам дийцира суна цу инарлах лаьцна. ХIара ду цо баккъалла а дийцинарг: «40 шо гергга хьалха Вулвичера тIеман академехь инструктор вара со, къонан Скоресбис деша дIатасалуш шен хьалхара экзамен дIалучу хенахь. Суна чогIа къахеттера цунах. Массара а хьекъале жоьпаш лора, ткъа цунна, веза воккха Дела, хIумма а ца хаара. Иза бакъахьа, дика жима стаг вара. Вуно хала дара цо дIа а хIоьттина Iовдал мел долу жоьпаш луш цуьнга хьежа. Со кхетара рогIера экзамен дIалуш меттиг нислахь, цо иза лур йоций а, иза академера аракхуссур вуй а. Дика ду, элира ас сайга, ас дукха доккха зе дийр дац, нагахь сайга далуччул цу жимачу стагана гIо дахь аьлла. Ас юьстах а ваьккхина, къамел дира цуьнца. Суна гучудаьлларг дара цунна жимма Цезарх лаьцна истори хууш хилар. Амма кхин хIумма а ца хаара цунна. Сайн коча болх а эцна, иза кечван волавелира со. Цунна лур долу Цезарх лаьцна масийтта хаттар Iамо гIертар со цунна, юх-юха цуьнга жоьпаш долуьйтуш. Шу тешар дац, цо дика дIаелира цу дийнахь и экзамен. Цуьнан хааршна вуно лакхара мах хадийра, цул а эзарз алсам хууш болчу кхечарна вуно луьра критика ечу хенахь. Цхьа тамашийна ирсе аьтто хилар бахьана долуш, ас цунна Iамийнарш бен кхин хаттарш ца делира цунна. Цу тайпаниг нислойла дацара бIе шарахь цкъа бен. Иза хазанеха санна тамашийна хIума дара. ХIора экзаменехь цунах вегош хилара со, шен эгIазан берах егош йолу нана санна. ХIоразза а, цхьа тамашийна хIума а хуьлий, къелхьара валара иза. Эххаре а иза къел вуьтур верг математикан экзамен ю аьлла тешна вара со. Иза дешарх дIахадор мелла а лазам боцуш хилийта хьаьжира со. Сохьташкахь цуьнан Iовдал коьртачу хаарш дахка гIиртира со. Эххаре а экзамене дIахьажийра ас, со тешна вара иза школера дIавоккхур хиларх. Амма, сэр, дуьхьал хIотто хьажал цуьнан жамI. Цу гIуллакхо цецваьккхинера со. Цо даьккхира хьалхара совгIат. Цуьнан хааршна вуно лакхара мах хадийнера. Дийнахь а бусий сой бехке хетар суна, айса деш дерг нийса дац бохуш. Амма со иза дIаваккхар цунна мелла а аттачу даккха гIоьртинера. Суна цкъа а ца моттара иза оцу тайпачу беламе жамIашца доьрзур ду аьлла. Амма суна хаара мацца хилла а цхьаъ хир дуй. Баккъалла а хало тIехIоьттича иза вуно ирча тIаьхье йолуш доьрзур ду аьлла тешна вара со. Оццу хенахь ГIирман тIом иккхира. Уггаре а цунна оьуш доцург тIом хилар дара аьлла ойла йира аса. Машаре замано аьтто бан а мегара цуьнан иза вуно Iовдал хилар гучу а ца долуш виса. Меттиг ца карош лелар со, хIинций-хIинций бохам хуьлу-кх бохуш. Иза хилира. Цунах эпсар вира. Массо а хIуман капитан! Хьанна хетар оццул жоьпалла, оццул ледарчу белшна тIе дуьллур ду аьлла. Ас элира сайга, со жоьпаллехь ву и бахьана долуш махкана хьалха аьлла. Сайн ницкъ мел бу цунах къам лардан цуьнца цхьаьна тIаме ваха везаш вара со. Иза дира ас. Мухха делахь а, тIеман аренашка вахара тхойша. Ткъа цигахь – сан хьомениг – иза инзаре ирча хьал дара. Цхьана гIалатан тIехула кхин гIалат дора цо. Цхьа хIума дацара цо нийса деш. Амма, хаий хьуна, цхьанна а ца хаьара иза Iовдал хилар. Цхьа а вацара цо дечух нийса кхеташ. Царна гора цо деш долу инзаре даккхийн гIалаташ цхьа инзаре хьекъалан болх санна. Цо бохург ойла ца еш чекхдаккхара цара. Уггаре а цо динна долу жима гIалат бахьана долуш берзан хьисапехь угIур вара жимма а хьекъал долу стаг. Амма уггаре а со кхермехь латтош дерг дара цо керла Iовдал хIума масозза до, цуьнан сий а, иза хестор а алсам далар. Аса даиман сайга олура, эххаре а и стаг мила ву хиича стиглара малх охьабожар санна хIума хир ду царна олий. Иза цхьана даржера кхечу дарже хьалавоьдуш вара, шен хьаькамийн декъешна тIехула. Эххаре а луьрча тIамехь вуьйжира тхан полковник. Сан са къожан буха дахара - Скоресби вара рогIера цуьнан дарж дIалаца дезаш верг. ХIахI! ХIинца дIакхечихьуна вай, элира ас... ТIом буьрса кхехкаш бара. Ингалсхой а, цуьнан бертахой а юхабовлуш бара ерриг а тIеман аренехь. Тхан полко дIлоцуш яра вуно тхан эскаршна мехала йолу меттиг. Цхьа гIалат далахь массарна а бохам хир болуш дара хIоьттина хьал. Ткъа хIун дара Скоресбис динарг? Цо тилийра аьтто куьг аьрро куьгах. Аьтто агIор а, аьрро агIор а тилийнера цо. И дара-кх цо динарг. Штабера омра деллера цунна, юха а валий, аьтто агIор долчу эскаршна накъосталла де аьлла. И дечу меттана, цо омра делира гу тIе хьалахьовда аьрро агIор аьлла. Тхо гу буьххье хьаладевллера, цо делла омра нийса ца хиллий а хиина, тхо совцадале. Ткъа хIун дара тхуна цу тIехь гинарг? Вуно йоккха, цхьа а хIума дагахь а доцуш оьрсийн арми яра цигахь тIелата кечйелла лаьтташ. Ткъа хIун хилира? Тхо массо а хIаллак дира? Цецбевллачу оьрсашна моттара цхьа полк ша цу кепара хIоьттинчу хьолехь шайна го бан йогIийла дац аьлла. Иза шаьш дагалаьцначунна тIаьхьакхиина йолу, ерриг а Британи Арми ю моьттира царна шайна го бинарг. Тхуна букъ а тоьхна, ша-ша хьалха вала а гIерташ, могIарш доьхна, гух чухьоьвдира уьш. Тхо царна тIаьхьа девдира. Тхуна хьалхара бевдда боьлхучу оьрсаша юхатуьйхира шайн эскарех лаьтташ йолу дуьхьалонаш. Оьрсий эшийра, ткъа тхан бертахоша шайн хIинцца хилла эшам берзийра сий долчу боккхачу толаме. Цецваларца а, гIадвахарца а хуьлучуьнга хьожуш Iачу тхан эскарийн буьйранчо Маршал Канробера сихха геланча вахийтира Скоресби схьавалаве аьлла. Иза баркалла аларца къовллуш мара воьллира цо толам базбечу бертахойн армешна хьалха. Скоресби гIаравелира цу дийнахь дерриг дуьнено сий деш волу сийлахь-воккха тIеман буьйранча санна. И сий цуьнан дар дуьсур ду историн книшкаш мел ю. Иза вуно дика а, тамехьа стаг а ву даиман а, амма цунна хIинца а ца хаьа кхоччуш догIа дар муха хуьлу. Кху дуьнентIехь цулла хьекъал доцуш чтаг хир вац. ХIинццалц иза Скоресбина а, суна а бен ца хаьара. ХIинццалц цхьана тамашийна балхаца аьтто хуьлуш схьавогIуш ву иза. Вайн хиллачу массо а тIемашкахь тоьлла эскархо хилла ву иза. Дерриг а шен дахар дуьзна цо гIалаташца. ХIора гIалато лараме цIе а еана цунна. Хьажал, цуьнан накха буьзна бу Британин а, кхечу пачхьалкхийн а медалех. Амма царах хIора а билгало ю цо динчу Iовдалан гIалатийн. Цара гойтуш цхьа хIума ду. Уггаре а стагца хила мегаш долу тоьлла хIума ду, иза ирсе дуьненчу валар. Ас юха а боху, ас цу дийнахь тойнехь ма-аллара: Скоресби баккъалла а Iовдал стаг ву. Аша ладуьйгIира Твен Марка язйинчу «Аьтто» цIе йолчу дийцаре. Иза Ингал мотт Iамочарна леррина кечдина Берман ХIаролда.