КIант а, ден шед а (Туьйра) Цхьа да-нана хилла Iаш. Церан цхьа кIант хилла. Юха и нана яла а елла, дас десте ялийна. Оцу дестечунна и кIант везаш ца хилла. Хала гIуллакхаш дойтуш, хьийзош хилла цо и. Юха дестечо аьлла цIийндега, ахьа и кIант дIа ца ваккхахь, ша хьоьгара дIагIур ю аьлла. ТIаккха дас ваха а вахна, хьеший балийна шайга. ТIаккха и хьеший а балийна, кIанте аьлла "Ахьа суна цхьа хIоъ ца дахьахь, бIе стагана кхарзал, ша хьо вуьйр ву" аьлла. КIант, кхера а велла, чу а вахана, воьлхуш Iаш хилла. И шен чу а вахана, воьлхуш Iаш, буьйса юккъе яьлла. Буьйса юккъе яьлчхенахь, цуьнан коре цхьа хIума еана. КIант чIогIа кхеравелла тIаккха. Оцу хIумано аьлла: - Кхера ма ло, аса гIо дийр ду хьуна. Хьо дIавоьдуш, хьун йолчохь цхьа цIа гур ду хьуна, цу чохь цхьа зуда хир ю хьуна Iаш. Чу а ца воьдуш, неIарх кхузза пIелг тоха, и ара ер ю хьуна. Амма новкъа дIавоьдуш, цхьа тIай гур ду хьуна, юха оцу тIай тIехула волуш, цо узарш дийр ду хьуна, кхера ма лолахь. Юха и кIант вахна цига. ТIай тIехула волуш, цец ца ваьлла иза, цо узарш деш. Юха оцу зудчо, хIоа а делла, цIа вахийтина иза. Дега дIаделла цо иза. Юха и хIоа дега дIаделча, бIе стагана и тоьъна. Дестечун чIогIа догдаьттIа хилла, цо иза деана. Юха оцу дас аьлла кIанте: - ХIоа-м деара ахь, хIинца суна сан шед схьаян еза ахь, нагахь санна ахь нехан шед яхьахь, суна хуур ду, сайчун тIехь тоьхна муьжалг ю. Юха кIант чIогIа кхеравелла хилла. ТIаккха буьйсана юккъехь юха а и хIума еана. - И хала гIуллакх ду хьан дас хьуна тIедиллинарг, и шед хьан еллачу ненехь ю. Кхана хьайн нана йолчу ваха дезар ду хьан. Новкъа дIавоьдуш, говраш гур ю хьуна ерстина, амма уллехь буц гур яц. Царах цец ма валалахь. ДIавоьдуш цхьа доккха хаза цIа долчу кхочур ву хьо. ТIе ма кхаьччинехь, кхузза хьайн нене кхайкха. Цо эр ду хьоьга дан дезарг. ТIаккха и кIант вахна, говрех цец ца ваьлла иза. Юха доккха хаза цIа гина цунна, тIаккха цIа улле а вахана, "Нана!", аьлла, мохь тоьхна цо. Нана ара ца яьлла, шолгIа тоьхна цо мохь, тIаккха а ца яьлла нана ара. Юха кхо кхоалгIа мохь тоьхча а нана схьа ца ягIахь, хIара лийр волуш хилла. Юха чIоггIа кхоалгIа мохь тоьхна цо "Нана", аьлла. Юха нана схьаеъна. Нанас "ХIун еза хьуна?", аьлла. - Дадас шед я аьллера соьга, и хьоьгахь ю боху. Нанас тIаккха шад дIа а елла, кIанте аьлла: - Хьо цIавеъча, хьуна да а, десте а дуьхьал хьодур ду хьуна, и шед дIа а ца луш, хьайна хьалха тоха ахь. Кхин дерг хьайна хуур ду хьуна. КIант, шед эцна, цIа вахана. Дай, десте а дуьхьал хьаьда. Дас аьлла: - Хьало сан шед. КIанта и дIа а ца луш, хьалха тоьхна. ТIаккха латта дIаса а декъаделла, и да а, десте а лаьтта чу дахна.