Оспанов Къосум * * * БIарлагIаш а, кхолламаш а, кIорлагIнаш а, хIолламаш а, хIора де а, хIора са а харц-дуьненахь хIоразза а, син набахтин набахтера воьдий, доккхуш ас къинтIера – седа – и дIабовчу хенахь, седа - и латочу хенахь, барах кхачалур а боцуш, бичий бен хуьлуш а боцуш, Ахь елларг бен кхин хан йоцу Хьан къинхетам герга кхочуш, лахьта леста, со цецволу, ког тосийлах сайн шекволу, сан упханан тховх чудолий, хьаша хуьлий, баьрче долий: «Хьан хIун дара соьга хатта?» - бохуш, моттлен дoлу латта. ГIoвлехь чурт а меттахдолу... дохковолу, дохковолу.