Абдулаев Леча Гуьйре Анайист дохк хIитта йоьлла. БIаьрга тIе кIай санна, марха. ДIо маьлхан бIаьштиг тIе оьху. Схьахьежар кхоладеш маьлха. ДIо тIома доьдуш я догIуш, ХIинцале дукха го хьозий. Можа беш, можа бай-туогIи, - Баьццарниг къежделла можа. Массо а некъ новкъа баьлла, Некъашца яьхкина ярташ, ДIа новкъа яха шаьш аьлла, Кхин ца Iахь, - гIаргIулийн жатташ. Цхьа доккха ло дилчахьана, Кхин кечдан хIума ца оьшу, Дерриге кийча ду Iаьнна. Дерриг ду Iаьне ладоьгIуш.