Гадаев Мохьмад-Салахь Даймехкан суьрташ (Аьхке юлуш) РегIахь кIе шур-шур до, Луьста кан баьхна. ТогIешкахь бамбанийн Тай-могIнаш го. Сомалкхийн* сал** санна, КIайн баьрзнаш даьхна, Лил-басе стигланца Мархо некъ бо. Даккъаш тIехь, букъ сеттош, IиндагIа тоькху, Шерачохь, шерший, и дов. Дитташ тIехь чиллано Зар-зар йиш лоькху, Йовхонан еттало тов! Лаьмнаш тIехь ло лаьтта – Дешна ца даьлла. Арен тIехь йонгIуро*** Кес керчадо. Лил-басе стигланца Сел самсаяьлла, КIайн марха ганне а Ирча ца го. -------------- * диал. тача; ирзу ** литта *** диал. догIа