Бисултанов Апти Цаевзарг Cо хьоьца волало хуьлу хьо тIома, Со хьуна велало хуьлу хьо гома. Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош, Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома. Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш, Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш. Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш. Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь. Со хьуна дарло хьо елало коча. Хьан йистцахиларо синбердаш херцош Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу. Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар, Чуьртана доладар хьоьга догдахар. Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха. Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш... Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш... Дерриг а карийна дерриг а дайча, МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу. ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла, Мохк боцуш лелла со, некъ боцуш лелла Хьан озо вижавеш, хьан озо гIаттош Хьо гIам ду, йиша ю ца хууш лелла. Хьоьга ладегIар - мохе цIа дехар. Хьоьга ладегIар - тIулге са дехар. Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг, цкъа а ца хилларг, Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг. БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг. Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг Хьо йицъян гIертар - куьйга хи шардар. Хьо йицъян гIертар - кога гIан къардар. Ден букъехь со воцуш, хьо ненан кийрахь Къастийна дара те гергара хийра. Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь, Къастийна дара- те самах я гIенах? Хьоьга ладегIар - хьо йицъян гIертар. Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.