Ахматова Раиса «Сан юрт» Генна цигахь, лекхачу лаьмнел дехьахь, Мархаш, тулгIе етташ, керчачохь, – Сан юрт йисна хьаннийн IиндагIашлахь… Хьоме лаьмнаш, шу ду сан даг чохь! Маьлхан зIаьнарш, керла Iуьйре йогIуш, Яьржа хир ю цигахь, хьостуш бIаьрг. Мехкарий а – сарахь шовда оьцуш… Йиц ма елаш шайна генахь ерг! Цигахь ду сан дерриг – тхевнийн кIур а, Аьрзу екар, некъийн аьрха Лар. Дерриг цигахь – ирс а, сан кхоллам а… Даим даг чохь лаьтта хьоме юрт! Дуьнено ше неI дIайилли сунна; Хийла гIала, хийла юрт а го. Амма дог сайн дерриг иллеш – шуна, Махкахой, ас, йоккхаеш, дIало!