Ахматова Раиса Шераш Сайн шераш дIаэхарх, кхерац, Гиччош сайн къеждаларх, елхац, – Жималлехь сатуьйсуш лехнарг Карийна. Харц хастам лехац. Бес-бесар Хилла сан денош… Мел халчу новкъа со яларх, Суо йина юрт йицой лелаш Хилла яц минотехь цкъа а. Пепнаш го дийна цхьа бода, Хиш хеза эшаршца декаш, Казбек лам, ло лепаш, дIогахь Ойланехь кIадбелла хетта. Шена тIе кхоьллина гIовтал, Кхузахь цкъа Iуьйренаш кхехьна Пушкина. Сан махках башха Поэмаш Лермонтовс яьхна. Нохчийчоь! Сан хьоме Даймохк, Хьан уьйтIа кхаьчнарг ю бIаьсте! Со, кхоллам хьайчух дIаийна, Къоналло шозлагIа хьаьсти.