Ахматова Раиса «Дагца къамел» Ас хьуна чIогIа ницкъ бора, Цаоьшу гIайгIа хьоь луш, Хийла хьо ас хьийзадора, Хьан декхарх ер а йоцуш. Диц а дой хилар сов экам, Детталун хьо ца кхоош, Хьуна тIе беза мохь – экъа Юьллура, цIий хьох Iенош. Со йоьлуш – доьлура соьца, Болх бора, кIадо ца еш. Со йоьлхуш – доьлхура соьца, Халонаш собарца ловш. Гечдехьа, дог, хиллачунна, Гечдехьа тIехиндолчунна.