Хасаров ШаIрани.Цхьа йоI Цхьа йоI ю сан юьртахь ехаш, Эсала, гIиллкх долуш шортта. Хийлазза ша дуьхьалкхеташ, Суна цIийеш беснеш горга. Ма доца ду хаза туьйра, Ма еха ю ларъен буьйса. Со и ларъян хьоьжур вара, Бехкаш лоьцуш ма елара. Хьанна ю-те суна йоцург, Лела некъаш серладохуш, Шега хьоьжург, шена вогург, Дуьне даа карзахвохуш. Йовхха цIераш летош пеша, ГIуллакхаш деш сенчу бешахь, Цо гIиттонверг кхин хир вара, Сан хиллал ирс мичахь дара?!