Ширделла тIулгаш Цкъа пхьеха лаьттинчохь тап-п, аьлла, тийна, Тидамза Iохкуш ду ширделла тIулгаш. Ехий и кIайн мажош яц хIинца дийна, Хиллачийн когашка хиндерниш гулдан. Воьдучу жимхас уьш ца леци бIаьрга. Хьаша а ца сеци маршалла хатта. Аз доцчу маьхьарца, кхайккхинчохь цаьрга, Шайн мара къевлина тIулгаша латта. Шардеш син лекхий сатийсамийн гунаш, Царна ша диннарг ди дуьнено суна. Текхош шен къахьонаш, марзонаш, хьунаш Некъаш а дехки цо сан дагчухула. Цу тIулгийн дуккха а хир дара дийца, Дахаран йовха цIе юха шайх летча. Вайн дуьне ас царна герга озийра, ДIа а и хийцира, саца ца делла. Цуьнан а хир ду-кх сатийсамийн гунаш, ХIинца а кхачаза ирхенаш, лаьмнаш, Ас хьеярх сайн дагалецамийн гIунаш, Ас дийша ца дитарх дийшина аьзнаш?! 1978-шо