Хатаев Хьусайн. Йохка-эцар "Бакъ долуш, Далла ца биэза совбуьйлурш." (Къоранна тIера) Массо кхаба цунна генахь Дала, Шеко йоцуш кхи ду декхар вайн. Йохка-эцар хилла боккха бала, - Муьлхха хуьлу мацца цуьнан лай. Юхку, оьцу хIуъа ахь цIе йоккхург: ДегI а, яхь а, кийла юзуш са… Эхь-бехк лара аьттехьа цадогIург, - Новкъа ду и йохка-эцар ян. Цаьрца вацахь, Iовдал вина, хийла Вуьцур ву хьо базар ечу наха, Церан тайпа, са къе долуш, гIийла Доьрзур ду-кха, латта тодеш аха. Мацца со а воьрзур, оьмар кхачош, Амма базар лаьтташ, хьоьшуш бай, Кхоьру цхьаммо олург, сайн мах хадош, Юхкург, оьцург хилла, со дIавай.