Хатаев Хьусайн. "Ткъа Малхбале яхна Iана..." Ткъа Малхбале яхна Iана, гIатта боьлла можа малх. ХIиттош цIен бос литта ана, хьалагIаьтти маьлхан чалх. Цо цIов цIеран боккху цхьалха, йоккхуш цунах аса ал. Дашо зIаьнарш хьоьцу хьалха, хьоьстуш аре хIора хал. ЗIаьнарш луьйсуш, лаьмнаш,Iаннаш, царлахь къега дато хи. КIайн кIур туьйсуш, Iаьмнаш,хьаннаш, жовхIар хилла лепа тхи.