Гайтукаева Бана. «Хьан яра-кх со...» Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра. Нахана дІайийца ворхІе а ден цІе а хилла. Хьан цІарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цІарца яьхна. Хьешана хІоттадан комаьрша шун а сан хилла. Хьан юьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий санна, Къа доцчу сан сина теш хІотта Терк а ду дийна... Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагІа санна! Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца. Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хІотто, И тешо са оьзда кІентий а сан новкъахь хилла. Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла. Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна, ХІара дуьне Іададал мохь-цІогІа сайн кийрахь къуьйлуш. Яхь йолчу сан сица хьагІ лаьцна йилбазан мохо Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш... Хьан къина йилхина, бІаьрхиш а чекхдевлла лекъна. Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна. Йилбазо чІабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна. Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчиний лаьхьа. Гой хьуна, къийгаша го бина дІалаьцна стигал? Царна, ма гома хилла-кх сан гІаргІулийн илли. Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бІаьвнийн кхерчахь. Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллехь...