Гайтукаева Бана. Зама ХІун до ахь, хІун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Наноша – наналла доьхкинчу дийнахь, Мехкаршна – цІеналла оьшучу дийнахь, ХІун до ахь, хІун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Къонахий шайн синойх лечкъачу дийнахь, Боьрша нах ІиндагІех къехкачу дийнахь, ХІун до ахь, хІун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Синошна лекхалла оьшучу дийнахь, ГІиллакхаш соьмашкахь хуьйцучу дийнахь, И ца ловш тхан лаьмнаш техкачу дийнахь, ХІун до ахь, хІун до ахь Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш?