Масар Ша-ламан даккъашкахь, Дорцан кIур хьийзачохь.. Чу яха хьех йоцуш, Буьйсанна тIе юьссуш, Мецачу зорханна Къаж-бецан хелаг а Берг хьоькхуш ша лайла Доккхуш и халонца. Шех ижо ян дагахь, Тебачу цIоькъанах Кур лекха шен ийбеш, Къехкарца дIауьдуш. Таллархойн шокъалех, Мокхачу тархашлахь ДIалечIкъа шен дезаш, Ша къайла йийларца Ламанца лелачу Масачу масарах Сан безам тера бу- Вала цхьа Iу воцуш, Эсала хьесталуш, Да воцу буо санна, И хьайна тIебеъча, Куралла ахь ярна...