Бексултанов Муса. Паччахь Дийцар. Шен дахаран ткъе кхойтталгIачу шарахь цхьана паччахьо (къам а, мохк а маьIне дац), дуьххьара ша безамах кхиийна йолу хIусамнана кхелхича – ахшо доккху цу шимма цхьаьна, – кху тайпа сацам бо: «Ас куьйгалла дечу пачхьалкхехь дуьне толлу карта а, шой, кIирий, бутт къаьста хенаго1 а, адамийн сибаташ гойту суьрташ а, цхьа а тайпа куьзга а ма хуьлийла», – олий. Цунна шен хилла болу я хIинца а болуш хета безам азаллехь бахбан лаьа, хан а, дуьне а, Iожалла а йоцуш санна. Дуккха а шераш довлу дIа (цо ца лору – маса бIаьсте) адамийн юьхь паччахьна я цуьнан юьхь вукхарна ганза – паччахьо дихкина хуьлу, юьхь ерзина шена гайтар: цунна цхьа юьхь юьсийла лаьа шен кхетамехь даима, дагалецамашка дирзинчу дерригчу дахарехь а – шен хиллачу, болчу, гуттар а хир а болчу цхьана безаман юьхь. Цкъа цхьа хьадалча, ша деллачу хаттарна жоп луш, вистхилча (цунна озах бевза шен лаьш а, ша бахаман дай бинарш а), паччахьна шен бералла дуьхьал хIутту, бIаьра хьалхахь лаьтташ санна. «Юьхь гайтал, хIай сан лай!» – омра до паччахьо. Важа, бертал а кхеташ, воьлху: цунна ца хаьа, ша хIунда воь я шегара хIун даьлла а. «Хьан озо жималле йиги-кх сан ойла, юьхь гайтахьа», – олу паччахьо кхин цкъа а. Вийначуьра денвича санна, кхоанна цхьа а барам боцуш, бIаьрхишна юккъехула юьхь йосту лаьно. Паччахьна цхьа бер хаало, пхийтта-ялхийтта шарера, юха чIогIа тера а хета жимчохь шеца левзинчу бежаIуьнан кIантах. «Хьо иза вуй?» – хотту паччахьо. Вукхо, ахь цIе яьккхинарг, шен денда вара, олу. Исс де долу паччахьо цхьа а стаг шена тIе ца вуьтуш. ИтталгIачу Iуьйранна шена чухьажа куьзга доьху цо. Цунна ца вевза шена гушверг: иза дукха къена воккха стаг хуьлу, маймалан сибатехь, хебаршка ихна юьхь а йолуш, хишца тIуьна бIаьргаш цIарула цIен а къаьсташ, верриг къежвелла, пIелг санна юткъа ворта а гуш. Цо ша лоьху хIетахьлера (зуда ялале хилла волу), куралла эккха гIертачу дагца, синкъерамах вуьззинна, чкъург санна йолчу месийн цхьа кIайн чо а хаабалаза. Паччахь чуьра араволу, юьхь къайла а йохуш. ТIаккха, арахь, юьхь мукъайоккху, гонаха дIаса бIаьрг тоха. Юха дIаоь массаьрца а, уьш берриг а хуьлий. ХIолламаш хуьлу хIора маьIIехь, дечигех бина, тIулгех, цхьаццанхьа – йоьзах, кхечухьа – детих а къаьста. ХIолламаш кхунна боьгIна хуьлу (кхунний, кхуьнан зудчунний), безам буьйцуш, хестош, безамах Дела веш, адамийн, хьайбанийн, дийнатийн – бен а боцуш, цхьа безам, цхьа шовкъ, цхьа маьттаза баьлла кхетам я кхетам боцу эхь. Паччахь тIаккха мохь хьекха волу: «Бакъ дац шуна, бакъ дац, дахарна дуьхьал дерг дерриге а харц ду! Адамаша кхолла хIума ца дисина… раж хуьйцург тилла ву. Со ву шун паччахь, и тIулгаш, дечигаш дац… со кхетта, суна маьIна…». Наха цунна гуо бо. Шена дуьххьара гIорза кхетча, ша вуьйш вуйла хаьа паччахьна. Паччахь цхьана хIумнах-м кхета, стенах кхетта ала ца кхуьу – хьеречу пхьоьхано садаьлча а тIеетта цунна. 1997 шо, сентябрь.