О ХIенри, Мунисципалан рапорт. Дуьххьара зорбане даьлла хIара дийцар 1904-чу шарахь. (Боцца чулацам) Гочдина Шамаев Руслана. ДогIа догIуш дара Теннесси штатехь Нэшвиллехь со цIерпошт тIера охьавоьссича – гIийла, сира гуьйренан догIа. Со кIадвелла вара. ДIаса а ца хьийзаш нийсса хьешан хIусаме вахара со. Зоьртала, зоьртала стаг вара цу чохь ламеш тIехула хьалаволуш, охьавуссуш дIасахьийзаш. ДIаьхк лоьхуш долчу мацделлачу жIаьло лелочух тарделилера суна цо дийриг. Шуьйра, йерстина, цIен бос болу юьхь а, набаро батийна бIаьргаш а бара цу стеган. Ша вовзийтира цо Касвелл Вентфорс, аьлла – Майор Касвелл Вентфорс – «къилбера тоьллачу доьзалера». Касвелла хьешан цIийнерчу хIума юийле дIатакхийра со. Малар а дехна, тхойша хиина Iаш, саццаза ша а, шен доьзал а, шен хIусамнана а, цуьнан доьзал а бийцара цо. Шен зуда хьал долучу доьзалера ю элира цо, шен кетар кисанара схьадаьккхина буй буьззина дато ахча а гойтуш. Амма оцу минотехь сан дагчу иккхира, хIара стаг кхин ган луур дацар-кх суна аьлла. Цуьнан буьйса дика а йина, сихха дIавахара со. Сайн чохь, корех арахьоьжуш Iара со. Суьйранна 10 сахьт даьлла бен хан яцара, амма гIала тийна яра. «Аьхна, тийна меттиг, - элира ас сайга, сой дIавижа кечлуш. – МогIарера, набарна етта йолу къилбера гIала». Со со а вара къилбехь вина. Амма хIинца Нью-Йоркехь Iаш вара со, цхьана стомма журналехь болх а беш. Сан хьаькамо дехнера соьга Нэшвилле гIахьара хьо аьлла. Журнале юкъа-кара кхачара Нэшвиллехь ехачу Азалия Эдейр цIе йолчу яздархочуьнан дийцарш а, байташ а. Редакторна чIогIа хазахетара уьш. Цо дийхира соьга, шен журналаца бен юкъаметтигаш лелор яц аьлла, цу зудчуьнца барт бан гIахьара аьлла. ШолагIчу Iуьйранна 9 сахьт долуш Мисс Эдейр лаха аравелира со. ДогIа сацанза дара. КетIахь суна дуьхьал кхийтира Ваши Сизар. Иза вара хьийзина къежйелла месаш а йолуш, ондачу дегIахь волу къена Iаьржа стаг. Ваши Сизарна тIехь дара цкъа а суна гина доцу тамашийна барзакъ. Иза эпсаран оба хиллачух тера дара цхьана хенахь. Иза вуно еха яра. ЦIена йолчу хенахь сира хиллачух тера дара иза. Амма хIинца догIанаша а, малхо а, замано а стелаIадан бесfшка яхийтинера иза. Цхьаъ бен йисина нуьйда а яцара цунна тIехь. Иза яра можа басахь, эчиган сом санна йоккха нуьйда. ТIехь цIа долчу гIудалкхана уллехь лаьтташ вара Ваши Сизар. Гудалкахан неI схьа а йиллина, цо къеда элира, «Чухаа, сэр. Ас кхун гIалахь хьуна луучу метте дIавуьгур ву хьо». Жасмин урамера 861 терахь долчу хIусаме ваха вехаш ву со, элира ас, гIудалкха а хууш. Амма къаночо сацийра со. «ХIунда воьдуш ву хьо цига, сэр?», - хаьттира цо соьга. «Хьан хIун гIуллкх ду?» хаьттира ас оьгIазе. Ваши Сизар, мал а велла, велакъежира. «ХIумма а дац, сэр. Амма цхьа ша лаьтташ гIалин йист ю иза. ТIе хаа, ас дIавуьгур ву хьо ахьа бохучу цу метте». Жасмин урамехь долу 861 номер йолу цIа цхьана хенахь вуно хаза хIусам хиллачух тера дара. Амма хIинца иза тишделла, доьхна дIадолуш долу цIа дара. Со воьссира гIудалкхара. «Хьоьгара ши доллар догIу, сэр», элира Вашис Сизара. Цхьацца долларан ши кехат делира ас цунна. Амма ахча дIакховдош ас тидам бира царах цхьаъ юккъехула декъна хилар а, иза сийна кхетца дIалатийна хилар а. Цул сов, лакхара аьтто агIор болу са батIийна дIабакхина бара цуьнан. Ас пIелг тоьхча неI схьайиллинарг яра ша Азалия Эдейр. 50 шаре яьлла зуда яра иза. ТIехьахьакхна кIайн месаш, къадйелла жима аматаш долу юьхь. Басара яьлла можа коч яра цунна тIехь. Иза тиша яра, амма вуно цIена яра. Хьалха а яьлла, шайн чувигира со Азалия Эдерас. Вовшахъяьлла стол а, кхо гIант а, шира цIен диван а яра цIенкъа юккъехь лаьтташ. Стоьлан улле а хиина, къамел дан доладелира тхойша. Ас бийцира цуьнга айса беана некъ, ткъа цо дийцира соьга шех лаьцна. Иза яра Iамеркан къилбехь наха лоруш хиллачу ширчу доьзалера. Цуьнан да суьдхо хиллера. Азалия Эдейр цкъа а, цхьанха а яхана цахилера, ур-аттала школе а. Цуьнан дас-нанас доьшуьйтуш хиллера цуьнга, хьехархой шайн цIа а кхойкхуш. Дукха хан ялале охашимма дIадерзийра тхаьшшина къамел. Барт бан оьшуш долу кехаташ а эцна, кхана юхавогIур ву со аьлла, дIаваха дагахь хьалагIаьттира со. Оцу мIаьргонна, цхьаммо тIехьа беша волу неI туьйхира. Азалия Эдейр, гIийла озаца бехк ца биллар а дехна, араелира шега кхойкхуьнан гIуллакхе хьажа. Цхьа минот ялале юхаеара иза. Цуьнан бIаьргаш серла бевлла бара, ткъа беснеш йогуш яра цIен бесахь. Лаххара а итт шаранна жимаелла хеталора иза. «ДIавахале чайн стака мала деза ахьа», - элира цо соьга. Тiакrха, стоьлан тIера схьаэцна, жима горгали бекийра цо. Оцу минотехь едда чуеара Iаьржачу аматахь йолу лаххара 12 шо хир долу жима йоI. Шен карахь хилла шира, кхин ца хиллал жима бохча схьа а даьстина, цу чура цхьана долларан кехат схьадаьккхира Азалия Эдейрс. Иза вовшахлатийна дара сийначу кехатца, ткъа лакхара аьттоагIор са батIийна дIабаьккхина бара. Иза дара ас Вашина Сизарна делла цхьа доллар. «Импи, же, мистер Бейкеран туькана а гIой, 25 цент мах болу чай а, 10 цент йоккху шекаран локъамаш а эций схьайолу», - элира цо йоIе, - Сихо елахь, аьлла тIе а тухуш. ЙоI арахьадира. Тхоьйшинна хезира цо шена тIаьхьара некъ тIекъовлуш. Оццу минотехь йоьIан мохь белира. Цо мохь хьоmкхуш юкъахула хезаш дара боьршачу стеган оьгIазен аз. Азалия Эдейр сихха хьалагIаьттира. Цуьнан юьхь жимма а хийца елла яцара, иза арайолуш. Суна хезира арара гIовгIанаш - шога боьрша стеган аз а, къеда-мерза цуьнан аз а. ЦIеххьана некъ къоршаме дIачIегIира. Азалия Эдейр чуеара. «Бехк ма биллалахь, хьуна чай дала аьтто хир бац сан» - элира цо, - Гарехь, Мистер Бейкеран чай чекхдаьллачух тера ду, кхана хьо юхавеача аьтто хила а мега сан хьуна иза хIотто», аьлла. Вовшен Iо дика йира охашимма. Со юхавирзира сой сецначу хьешан хIусаме. Суьйранна хIумакхоллу хан тIекхочуш а йолуш, Майорана Касвелл Вентфорсана карийра со. Цхьа а аьтто бацара цу стагах къелхьарвала. Ша малар оьцур ду хьуна аьлла, хIума юийла йолчу агIор со дIа а такхош, шен кисанара цхьацца кехат долу ши доллар схьадаьккхира цо. Юха а суна гира ши дакъа дина, сийна кехатца дIалатийна, са боцу доллар. Ас Вашина Сизарна деллачу шина долларх цхьаъ дара иза. Ма тамашийна хIума ду хIара, Касвеллана мичара даьлла-те иза, аьлла ойла йира ас. ШолагIчу дийнахь, делкъахан хуьлуш Ваши Сизар хоьжуш вара соьга хьешан хIусаманна хьалха. Азилия Эдейр йолчу со дIа а вигина, тхойшинна къамел чекхдаллалц собар дан реза хилира иза. Азалия Эдейр къадйелла йолчух тера дара. Ас цунна гайтира айса деана кехаташ. Царна тIе куьг а тайина, хьалагIоттуш йоллу иза, са а малделла охьаюьйжира. Сихонца хьала а айина ширачу цIен диван тIе охьайиллира ас иза. НеIаре а хьадда Вашега Сизарга гIо-орца дийхира ас. Хьожуш ца Iаш сихха урамехула охьахьаьдира воккха стаг. Пхи минот яляле, лор а валош, юхавеара иза. Мисс Эдейре хаьжначул тIаьхьа, «Ваши Сизар, -элира лоьро гIудалкхан дена тIе а воьрзуш.- Же валолахь, со волчу а гIой, сан хIусамнене шура а, хIоаш а даийта алалахь аьлла. Юха суна тIе а вирзина, «ЯъахIума яанза дуккха хан хиллачух тера ду кхо» -элира лоьро, «Кхуьнан дуккха а накъостий бу кхунна гIо дан лууш, амма хIара лууш яц цхьаьнге а дехар дан. Миссис Касвелл реза ца хуьлу къена Iаьржачу стагера Ваши Сизарера бен гIо схьаэца. Иза церан доьзалехь цхьана хенахь лай хилла ву элира лоьро. «Миссис Касвелл?- хаьттира ас цецваьлла, - Суна иза Азалия Эдейр ю ма-моттара!» «Иза яра, - жоп делира лоьро, - 20 шо хьалха Касвелл Вентфорсе маре яххалц. Амма иза нислур воцу маланча ву. Вашис Сизара луш йолу ерриг а кепек дIайоккху цо цуьнгара». Лор дIаваханчул тIаьхьа дехьачохь къамел деш Сизаран аз хезира суна. «Ас селхана хьуна делла дерриг а ахча дIадаьккхина цо, Мисс Азалия?» «ХIаъ, даьккхина, Сизар, -хезира суна цуьнан къеда жоп. -Цо шиа а доллар дIадаьккхира». Чу а вахана Азалия Эдейрана сайгара 50 доллар делира ас. Амма и ахча журнало дайитина ду элира ас цуьнга. Цул тIаьхьа Вашис Сизара со дIавигира юханехьа хьешан хIусаме. Жимма хан яьлча, сарахь хIумакхаллале жимма вовлавала дагахь аравелира со. Гена доцуш туьканна хьалха гулделла дуккха а адам дара. Царна тIевахара со. Майор Касвелл вара лаьттахь Iуьллуш. Иза велла вара. Цхьанна карийнера цуьнан дакъа урамехь Iуьллуш. Цхьаннах леттачехь вийнера иза. Цуьнан куьйгаш буйнаш бина дара. Амма со уллехь лаьтташ а волуш, цуьнан аьттоагIор куьг дастаделира. Цу куьйгара охьа а йоьжна, керчина сан коган улле а еана сецира цхьа хIума. ТIе ког а баьккхина, охьатаьIна схьа а эцна, сайн кисина йиллира ас иза. Гулбеллачара дийцара, цуьнгара ахча схьадоккхуш къуно вийна иза бохуш. Вукхара дийцара, Касвелл шегахь 50 доллар ду бохуш, массарна а иза гойтуш лелаш хиллера бохуш. Амма иза вийна кариначул тIаьхьа цуьнгахь ахча дацара. ШолагIчу Iуьйранна Нэшвиллера цIаваха новкъа велира со. ЦIерпошт тIай тIехула йолуш, велла Iуьллуш хиллачу Касвеллан карара охьайоьжна хIума схьаийцира ас сан кисанара. Лахохьа хи чу кхоьссира ас иза. Иза яра нуьйда. Можа нуьйда. Ваши Сизаран обан тIехь тIаьххьара йисина хилларг.