БIАЬСТЕ ЕР Ю БIаьсте ер ю, дуьне хазлур ду, Стигла кхийдаш делалур ду лаьмнаш. Дуьне хаздан ас хIун дуьтур ду, Сайна тIехул тIаьххьар лесташ гаьннаш? Бода чехош, Iуьйре йогIур ю, Стиглан дари цIарца серладоккхуш, Адмийн даг чохь ас хIун дуьтур ду, Дийначара тIаьххьар сайн цIе йоккхуш? Ас далхийна иллеш хьолхур ду, Сан къиношна Деле гечдар доьхуш, Ас массарна вониг гечдийр ду, Со везначийн бIаьргаш тIаьххьар лоьхуш. Лаьмнаш дузош догIа доьлхур ду, Дуьне ма-дду хаза ялташ хьекъаш. Ас адмашна иллеш дуьтур ду Сайна тIехул тIаьххьар стигал къекъаш.