АХЬМАД СУЛЕЙМАНОВ ********* МА ДОХКОВАЬЛЛА СО Ницкъ болчо гIело еш Шел эшначунна, Кхерстара сан дегIехь Нийсонан цIе. Харцонах чекхдолий, Тоьпан хIоъ санна, Ма кхочура сан дош Бакъонна тIе… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла! ДIаала деззачохь Цкъа дош ца аьлла! Тоьллачо гIийланиг Харцонца хьийзош, Бехказа ца вуьтуш, Ницкъаца къийзош… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла! ДIаала деззачохь Цкъа дош ца аьлла! ГIуллакхаш дина ас Сайл гIийлачарна: ТIехаа дин бела, Делла ас герз. Сайх дийца хастаме Дош дуьтуш царна, Комаьршо хестаеш, Бекийна мерз… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла! КIеззигчу хIуман тIехь Цкъа осалваьлла. Цкъа, чIогIа гIо эшна Суо волчу веънарг, Тергал и дIа ца веш, Вухаверзорна. Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, КIеззигчу хIуман тIехь Цкъа осалваьлла. Адамийн хьашташна Iуьйранца гIоттий, Малх кхетале хьалха Воьдура со, ГIуллакх дар ца хилча, Хуьлуш син гатто, Со вецаш дIадаха Сан кхузткъа шо. Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, Цкъа цхьаннан гIуллакхна Ара ца ваьлла. Цу дийнахь сан ирс сох ТIехтилла, дайра, Синтем цуо дIабахьар Гуш дара шера… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, Цкъа цхьаннан гIуллакхна Ара ца ваьлла! Дуьххьара сан безам Меттаха болуш, Сил езаш къастийна ЙоI яра сан. Малхо и де санна, Сан дахар кхолуш Йолу йоI лаьара Кест-кеста ган… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, Сил езаш йолчуьнга Сонта дош аьлла. Мел бехказвийларх, и Ца тайра соьца, Безамна бекхам беш, Соьца чIир ийци… Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, Сил езаш йолчуьнга Сонта дош аьлла! Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, ДIаала деззачохь Цкъа дош ца аьлла! КIеззигчу хIуман тIехь Цкъа осалваьлла! Цхалхха цкъа малхана Дуьхьал ца ваьлла! Сил езаш йолчуьнга Сонта дош аьлла! Ма дохковаьлла со, Ма дохковаьлла, Сил езаш йолчуьнга Сонта дош аьлла!..