Дикаев Мохьмад НОХЧИЙН ХIУСАМ Суьйре шийла, шийла еъча Дадас тухий дечиг доккху; Цкъа ца веана хьаша веъча, Водий, нене ас кхаъ боккху. Хьешо шена гинарг дуьйцу – Тховса тхоьга муха кхаьчна, ЦIаро-м сийна суйнаш туьйсу, Кхехка нохчийн мерза кхача. «BoгIypг, воьдург, юучух кхетта, Вахар ирс ду», – дайша аьлла, Нохчийн хIусам шийла хетта, Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла.