Дикаев Мохьмад Суна лаьа Цхьаццаволчо къайлах олу Жимчу дагна луушдерг, Суна-м лаьа, нехан дола Долийла сайн къайлахдерг. Со винчунна дика хаьа, Суна хилла там, цатам, Къона велахь а, суна лаьа Сихха бовза дешан чам; Верта санна, нехан бала Белш тIе тесна баккха ког, Салти санна, орцахвала, Жимчу беран а эца дог; ТIамна дуьхьал куьйгаш лаьцна, МостагI вохош, хилла гIап, ЦIенчу лаьттах ямартлонца Ца кхетийта цхьа а топ, Букар дарцо хьийзош вахар, Шиэлах эшарш лекхалуш, Суна лаьа дорцехь вага, Халонашна къар ца луш.