Блок Александр *** Мохо схьадалийра гIоргIа БIаьстенан эшаран зов, Цхьанхьара са сирла кIорга Къегира дуьненан тхов. Ткъа оцу серсинчу меттехь Iай дарцаш нуьцкъала тирси, ЙогIучу бIаьстенан берттехь Седарчийн кхаъ-гIенаш кхирсти. Цхьа гIийла, бодане, кIорга Дилхира буо мерзаш сан. Мохо схьаялийра гIоргIа Аз долу и эшарш хьан.