Байрон Джордж Гордон Сан са ду бIарзделла Сан са ду бIарзделла! Илланча говза, Хазийта ахь суна инзаре аз, Схьаэцна хьайн пондар, пIелг тесна ховха, ДIайоккхуш сан дагна мел йина вас. Ткъа елахь сан дагца цхьа йовхо, хьуна, Цу озо дендийр ду дахарна и, Ткъа дала дисинехь хи бIаьргех суна, Хьодур и, йоцуш дуьхьало кхин. Хазийта ахь илли акха а, дера, БIарзделла са тедан ницкъ болуш, хIай! Со доггах велхаве, валале хьера, – Со кхоьру эккхарна ваз некхан сайн. Ца хеда баланаш лайна ша хийла, ЦIий тетта кIадделла миска дог сан, Ткъа кхоллам ца соцуш баланаш кхийла, Дог дага – зил герга, бIарзделла са!