Киплинг Редьярд Нагахь Нагахь висахь хьо цхьаъ, воьхна воцуш, Массо воьхна, хьоькхуш шийла мохь, Нагахь хилахь тешам даг чохь кхобуш, Нах дIакъехкаш, тешам байна хьох; Нагахь хаахь, собар долуш, хьежа, Пуьташ нехан ца бахь тергал ахь, КIон верг вита ахь, ца ваьлла, къежа, Ткъа хьайх шайх а, диканиг ца вахь; Нагахь бацахь хьуна болх сатийсам, Нагахь вацахь ойланийн хьо лай, Нагахь толам, бохам – боцуш хийцам, Ахь тIелацахь массо хенахь бай; Нагахь хаахь, бакъо ца луш леткъа, Лан дош шалха даккхар лежиго, Нагахь, велахь кийча бахам бекъа, Яхь ца йожош, боло керла гуо; Нагахь хIоттахь хьайн дерг цхьана метта Боле дилла, доцуш цхьа а «дуй», Долчух ваьлча, вацахь чохь цIе летта, Эшна, беса богуш бIаьргийн суй; Нагахь хьоьга гIора, ойла гуллахь, Цхьалха висча, боцуш дегIехь ницкъ, Шовкъ ца магош хьайна лахъян, хьулъян, «Латта!» – бохуш, ца хозуьйтуш чIикъ; Нагахь гонехь къамел далахь маьрша, Паччахьашца белахь бийца мотт, ДоттагI хастош, мостагI ца вахь аьшнаш, Сий хьайн лардеш, яхь ахь нехан чот; Нагахь елахь еза секонд, ала, ХIора минот ларахь ахь, некъ беш, ХIара латта хьуна делла Дала, ТIе хьо – Адам, со ву цунна теш!